Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ПахІала Сали хаьржира. Динан вежарша декъал а вина, новкъа велира иза. ПахІалгІар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гІалин хьаькамашна тІе дІатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хІара нах хІинца кхуза а кхечи, Ясона хІорш тІе а ийци! Берриш хІорш паччахьо тІедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Іийса ву а боху». Дамартис, шен накъостий а, кхин пхьераш а гулбина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, вайн белхах вайна дика пайда хуьлийла. Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш. Ткъа аша къениг дІатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?
Выбор основного перевода