Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цхьацца болу кипрхой а, къуринхой а Антиохе а баьхкина, Іийса-Элах лаьцна хаза кхаъ грекашна а бийца буьйлабелира. Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. Цаьргахула хІара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Іийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга! Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. Цундела оха сацам бина, тхайна юкъара масех стаг а хаьржина, уьш тхан хьомечу Бар-Наабаца а, ПахІалца а шу долчу дІабахкийта. Вайн Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элан дуьхьа шайн дахар кхерамечу хьоле хІиттийна нах бу уьш. Хаьржина волу ЯхІуд а, Сали а воуьйту оха, тхаьш яздинарг цаьрга барта тІечІагІдайта. Делан Синан а, тхан а лаам бу шуна кхин хало ца ян, хІара тІедиллинарг доцург: ЦІушна сагІина еана хІума ца яар, цІийх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, нахаца леларх а лардалар. И дерриге а кхочушдахь, аша дика гІуллакх дийр ду. Марша Іойла шу!»
Выбор основного перевода