Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шед етта доьхкаршца ша дІавихкинчу хенахь ПахІала элира цигахь лаьттачу тІеман хьаькаме: «Нийса дуй Риман вахархочунна, кхел а ца еш, шед еттар?» Иза хезна, тІеман хьаькамо, шел лакхарчунна тІе а вахана, элира: «Хьо хІун деш ву? И стаг Риман вахархо ма ву». Лакхарчу тІеман хьаькамо, тІе а веана, хаьттира ПахІале: «Алал, хьо Риман вахархо вуй?» «Ву», – аьлла, жоп делира ПахІала. Коьртачу тІеман хьаькамо элира: «Суна дуккха а ахча ийшира Риман вахархо хила». ПахІала элира: «Со вичхьана а ву Риман вахархо». Ша Риман вахархо дІавихкинийла хиъча, коьрта хьаькам кхеравелира цуьнга барт хатта кечбелларш цу сохьта юхабевлира, ткъа. Нагахь со нийса а воцуш, со вел соьгара бахьана даьллехь, Іожалла тІеэца а кийча ву со. Амма хІара нах харцлуьйш белахь, цхьаннан а бакъо яц со кхаьрга дІавала. Ас Рим-мехкан паччахьан кхел яр доьху». Кхеташонца къамел а дина, Виситас элира: «Ахь паччахьан кхел йоьхуш хилча, Рим-мехкан паччахьна тІевохуьйтур ву хьо», – аьлла.
Выбор основного перевода