Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Аса элира: «Сан Дела! Сайна эхь хетарна со Хьоьга дІа ца хьажало, хІунда аьлча тхан къинош тхан коьртал а лакхадевлла, ткъа тхан бехк стигалал а лакхабаьлла. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. Ткъа хІинца, ва тхан Веза Дела, кІезигчу ханна тхох къинхетам бина Ахь. Ахьа цхьаболчарна йийсарех кІелхьардовла пурба а делла, Хьан долахь йолчу кху меттиге уьш дика охьа а ховшийтина. Ахьа тхан бІаьргаш схьадиллина, тхуна чу са а даийтина, йийсарера кІелхьара а даьхна. Тхо леш дара, амма лоллехь долуш а Ахьа тхо Хьайн терго йоцуш ца дитира. Ахьа Парси-махкара болу паччахьаш а тхоьца къинхетаме хилийтира. Ахьа тхуна керла дахар делира, Хьан цІа дохийначуьра юхаметтахІотто ницкъ а белира. Ахь динарг бахьана долуш, Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а тхо хІинца маьршачу пенашна тІехьа Іало. Ткъа хІинца, тхан Дела, оха хІун эр ду Хьоьга, Ахьа тІедиллинчунна тІера тхо дІадевлла хилча? Хьайн лай болчу пайхамаршкахула Ахьа тхоьга дина весеташ дара. Ахьа тхоьга элира: „Шун дола даккхархьама шу дІадоьлхуш долу латта – иза шена чохь Іаш долчу къаьмнаша лелийна дегазачу гІуллакхаша талхийна латта ду. Дегаза хІуманаш а лелош, церан боьхачу гІуллакхашца оцу адамаша и латта дуьзнера цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц. Цундела шайн кІенташка церан зудабераш маре ма даладайта, шайн зудабераш цаьрга маре дІа а ма дигийта. Цу нахах дІа ма кхета! Машар я диканиг цаьрца цкъа а ма леха. Шу иштта лелахь, онда хир ду шу, лаьтто кхиийна мел дерг аша дуур ду, хІара латта гуттаренна шун берийн дола долуьйтур ду“. Тхайна тІехІоьттинчунна бехке тхо тхаьш ду. Оха вонаш дора, цундела тхуна тІехь боккха бехк бу. Ахьа, тхан Дела, тхуна таІзар дира, амма оха лелийначуьнга хьаьжча, иза кІезиг таІзар дара. Ахь ур-атталла цхьаболчарна йийсарера кІелхьардовла пурба а делира. Массо а тхуна тІехІоьттинчу хІуманна тІехь Хьо нийса хилла! Хьо тешаме хилла, оха харцдерг лелийнехь а. Тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан дайша а Хьан товрат-хьехамаш кхочуш ца бора, Хьан весеташка ла ца дугІура, Ахьа дагадаийтинарг тергал ца дора. Шайн пачхьалкхехь Ахьа делла долчу Хьан доккхачу диканехь, Ахьа шайн кара дІаделла долчу доккхачу, уггар дикачу лаьтта тІехь цара Хьуна Іамал а ца йора, шаьш лелош долчу зуламечу хІуманашна тІера дІа а ца бирзира. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо. Хьан цІарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугІура оха. Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргІаддевллехь а. Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугІура оха. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. СагІа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХІаъ, массо а ницкъийн Веза Дела, билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш». Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира».
Выбор основного перевода