Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кІелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дІалечкъийла ю. Со хьан Іадор ву? Нагахь санна зуламе берш суна тІегІортахь, со дІакхаллархьама, сан мостагІий тІелатахь, уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу. Ахь тхан кортош тІехула мостагІа ластавайтира. ЦІерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира. хІунда аьлча соьга болу Хьан хедар боцу безам боккха бу, эхартах сан са кІелхьардаьккхи Ахь. Шен дагахь дерг чІагІдийриг Ахь буьззинчу синтемехь ларвийр ву, хІунда аьлча иза Хьох тешна Іаш ву. Массо а хенахь Везачу Элах тешна Іаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела. Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргІатваккха а, кІелхьарваккха а. – боху Везачу Эло. – Аса кІелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргІатвер ву хьо къизачу нехан карара а». Дала оцу даларан боккхачу кхерамах кІелхьардехира тхо, Цо кІелхьардохур а ду. ХІинца чул тІаьхьа а Цо кІелхьардохур ду аьлла, тешна а ду тхо.
Выбор основного перевода