Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а». Вало, дІаала цаьрга: ‘Шайн четарш чу юхадерза’. «Иштта, тахана ас шуьга харжам бойту. Цхьана агІор дахар а, аьтто а бу. Вукху агІор Іожалла а, бохам а бу. Нагахь санна тахана ас шайна тІедуьллуш долчу шун Везачу Делан весеташка аша ладогІахь, – шайн Веза Дела везар, Цуьнан некъашца лелар, Цуьнан весеташ а, Цуьнан парзаш а, Цуьнан тІедехкинарш а лардар – шу дехар а ду, шу дебар а ду, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу декъал а дийр ду. Нагахь санна, шун дог юха а даьлла, аша ла ца догІахь, кхечу деланашна Іибадат дархьама а, царна гІуллакх дархьама а шу дІаозор ду кхечара, ас дІахьедо шуьга: шу хІаллак а хир ду, Йордан-хина дехьа а девлла, шайн дола даккха, шаьш тІедоьлхучу лаьтта тІехь шу дукха дехар а дац. Ас тахана тІекхойкху стигал а, латта а, аша бен болчу харжаман тешаш хила. Ас шуьга харжийта дІало дахар я Іожалла, декъала хилар я неІалт кхайкхийна хилар. Шайна дахар харжа шу а, шун тІаьхье а яхийтархьама а, шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогІарца а, Цунах дІакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІехь шу а, шун тІаьхье а ехха Іийр ю».
Выбор основного перевода