Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Амма пирІуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгІна, Исраилан халкъ дІахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дІа а хоьцур бац». Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“» Хьузакх-ЯхІуга шаьш ле ма дайта: ‘Везачу Эло вай кІелхьардохур ду’, – бохуш. Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кІелхьарбаьккхиний? Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гІалин деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кІелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТІаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?“» Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Орана тІе а веана, иза латкъамечу озаца Даниале кхайкхира: «Даниал! Дийна волчу Делан лай! Ахьа Шена гуттара а Іибадат деш волчу хьан Деле кІелхьарваккхавеллий хьо?» Иза Делах тешна вара, тІаккха Дала кху баланах кІелхьарваккха веза-кх, Шена Иза оьшуш велахь. Цо ала ма аьлла: „Со Делан КІант ву!“»
Выбор основного перевода