Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхІудхоша, царах масал а далош, шаьш неІалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цІергахь вагийна волчу ЦІадукъ-ЯхІуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’. Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цІиййиначу пеша кхосса аьлла. Нагахь санна хІинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дІахІоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Іибадат ца дахь, цу сохьта цІиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТІаккха муьлхачу дала кІелхьардохур ду шу сан куьйгах?» Цул тІаьхьа уьш, дІа а бихкина, чухулара а, тІехулара а бедаршца а, коьртарчу хІуманашца а, церан кхин йолу тІерачу хІуманашца а цІе летта йогучу пеша кхиссира. ШолгІачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хІора оцу экханан суьртана хьалха Іибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. Уьш хьийзош йолчу цІеран кІур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Іибадат а деш, цуьнан цІеран мухІар тІеэцначийн».
Выбор основного перевода