И хезча, чуьравелира паччахь, чІогІа оьгІазвахара иза. ТІаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хІаллакбе аьлла.
И хезча, оьгІазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Іабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТІаккха хІинццалц чул ворхІазза чІогІа пеш латае аьлла, омра дира цо.