Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах! Нагахь маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гІирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дІахІоттийначу дашочу суьртана. Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цІе летта йогучу пеша кхуссур ву». Цундела, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дІахІоттийначу дашочу суьртана сужда дира. ТІаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тІедожийра Шадрак, Мешак, Іабди-Нага а шена тІевалор. И нах паччахьна тІебалийра. Паччахьо оцу тхьамданашна тІе кхо эла дІахІоттийра, царех цхьаъ Даниал а волуш. Цу тхьамданашка пачхьалкхехь долу хьал элашка дІадийцийтархьама а, шена болучу пайданах ца валархьама а динера цо иза. ТІаккха паччахь волчу а баьхкина, паччахье цо дина омра дагадаийтира цара: «Хьо вац и омра чІагІдинарг, муьлхха а стаг ткъе итт дийнахь, хьо воцучуьнга, цхьанна а адаме я Деле дехар динарг лоьмашна даьккхинчу ор чу кхосса аьлларг?» Паччахьо жоп делира: «И дош чІагІо йолуш ду, мадайхойн а, парсихойн а Іедал санна, цхьа а хийцам бан йиш а йоцуш».
Выбор основного перевода