Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тІе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дІаала чІоггІа! ДІаала, ма кхера! ЯхІуд-мехкан гІаланашка дІаала: «Хьажал, шун Дела схьавогІуш ву!» Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Со, Набухди-Нецар, аьтто а хуьлуш, сайн паччахьийн гІишлошкахь паргІат вехаш вара. Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо дуьнен чохь дехаш долчу массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахе яздира: «Шу маьрша дехийла! Цо айдинчу озаца, мохь тоьхна, элира: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели-кх йоккха Бавел-гІала. Жинашна Іан меттиг а, муьлххачу а харц жинна дІалачкъа меттиг а хили цунах. Муьлххачу а хьарамчу олхазаран бен а, муьлххачу а хьарамчу а, маьттазчу а экханан бен а хили цунах.
Выбор основного перевода