Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза. Веза Эла волчу Хьуна дуьхьал а девлла, Хьо Іехийра оха. Тхайн Делах дІадирзира тхо. Ницкъбарх а, аьрхаллах а лаьцна дуьйцу оха. Тхайн дегнашкахь кхоьллина харц дешнаш арадовлуьйту оха. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо. Хьан цІарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугІура оха. Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела.
Выбор основного перевода