Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, Шун латта дассор ду Ас, цу тІехь баха охьахевшина шун мостагІий цецбовллал чІогІа. «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хІаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тІедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу. Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хІокху нехан догІмашна тІехь и цІе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тІера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цІеран хьожа-м яцара царех йогІуш. ТІаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Іабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Іибадат а ца дина, шайн догІмаш цІерга тесна болу хІорш кІелхьарбаьхна Цо.
Выбор основного перевода