Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ТІаккха цигара а Беар-ШабаІе дІавахара Исхьакх. Цигахь сагІа доккху меттиг а кечйина, Везачу Эле кхайкхира Исхьакх. Шен четарш хІиттийра цо цигахь, ткъа цуьнан ялхоша гІу яьккхира. ЯхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус паччахьалла до ткъе берхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттира ЯрбаІаман кІант Закри-ЯхІу. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. Закри-ЯхІус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. НабатІан кІанта ЯрбаІама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дІа ца вирзира иза. Закри-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кІанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хІоьттира. Закри-ЯхІус лелийначу кхидолчу гІуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Иштта Везачу Эло ЯхІуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тІаьхьенах доьалгІачу гаранна тІекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира. КІеззигчу хенахь бен Хьан халкъан долахь ца хилира Хьан еза меттиг. Ткъа хІинца тхан мостагІаша хьаьшира Хьан деза цІа. «Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю». ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш. Якъубан тІаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХІун бахьаница ю Якъубан тІаьхьенан аьрхалла? Шамран-гІалица йоьзна юй те иза? ХІун бахьаница бу ЯхІуд-махкахь цІушна сагІа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза?
Выбор основного перевода