Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Цу хенахь ворхІ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Іинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. Везачу Эло Ярми-ЯхІуга аьлла долу дешнаш иштта дара: Цо соьга элира: «Адаман кІант! Ас хьо Исраилан халкъ долчу вохуьйту. Цу аьрхачу халкъо Суна букъ берзийна. Таханлерчу денна тІекхаччалц уьш а, церан дай а, Суна дуьхьал а буьйлуш, лелаш бу. Уьш чІогІа аьрха а, къиза а дегнаш долуш бу. Ас уьш болчу вохуьйту хьо. Ахьа цаьрга дІаала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“ «Адаман кІант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга. Мила вуьсу, лоьмо гІигІ дича, кхера ца луш? Хьалдолчу Эло аьлча, мила вуьсур ву Цуьнгара хаамаш ца беш?
Выбор основного перевода