Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Инзаре дукха цІоз тІелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цІоз я тІаьхьа а хир дац. Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дІалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тІера стоьмаш а дІабиира цІазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тІехь а, я арарчу баца тІехь а соьналлех хІума ца дисира. Цуьнан олахо волчу ашурхойн паччахьо схьахьажийначу эскаран хьаькамо аьлла, дийна волу Дела емалвеш долу дешнаш хьан Везачу Далла дІахаза тарло. Хьан Везачу Дала цунна таІзар дан тарло, Шена дІахезна дешнаш бахьана долуш. Ткъа ахь дийна бисинчарах доІа дехьа“». Уьш нах хІаллакбан дІабахча, со цигахь сецира. Лаьтта кхаччалц бертал охьа а таьІна, аса элира: «Ва, Хьалдолу Эла, Ярушалаймана тІе Хьайн дералла яржош, исраилхойх массо а тІаьхьабиснарш хІаллакбан воллу те Хьо?» Аса Делера болу хаамаш бечу хенахь БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу кхелхира. Лаьтта охьа а воьжна, корта а таІийна, аса мохь туххуш элира: «Хьалдолу Эла, Хьо Исраилан халкъах дийна висина мел волу стаг хІаллакван воллу те?» Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогІахьа, Ярми-ЯхІу. Дийна дисначу тхуна тІера доІа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхІу, дуккха а хилла долу тхо кІеззиг бен ца дисар.
Выбор основного перевода