Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Пайхамарийн тобанна юкъарчу цхьана пайхамаро цу тобанарчу вукхуьнга, Везачу Эло шена тІе-ма-диллара, элира: «Тохахьа суна». Амма оцу стага ца туьйхира цунна. Ерихон-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаІа. Махкахь мацалла хІоьттича, ЭлишаІ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаІа элира: «Боккха яй тІе а биллий, яа хІума кечъе пайхамарийн тобанна». Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна. ХІораммо а эр ду: „Со пайхамар вац, со латталелорхо ву. Со бер долчу хенахь дуьйна лаьтта тІехь болх беш ву“.
Выбор основного перевода