Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Бакъдолчух юстаран тІийраг а, нийсонах гІишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дІалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дІайохур ю. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. qac Зqac*Іенашца санна, гІалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоІан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чІагІонаш, пенашца цхьаьна хІаллак а йина, елхийтира Цо. Цо хаьттира: «Іамос, хьуна хІун го?» Ас жоп делира: «Аьхкенан чаккхенгахь кхиъна болчу стоьмийн тускар го суна», – аьлла. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Сан халкъан, исраилхойн, чаккхе тІекхаьчна. Ас цунна кхин гечдийр дац. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода