Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Яссийна хир ю Исхьакхан тІаьхьенийн сагІанаш доху лакхенаш. Исраил-мехкан еза меттигаш а йохийна хир ю. ЯрбаІам-паччахьан цІенна а Со туьраца дуьхьалвер ву». Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хІара боху: „Хьан зуда гІалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кІентий а, йоІарий а туьро хІаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дІалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».
Выбор основного перевода