Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Веза Эла цІергахь вогІур ву. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, хир ю. Цо Шен оьгІазалла дераллица тІеюттур ю, ткъа Шен къемат – цІеран алунашца. ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. Ас цІе хьажор ю ЯхІудана тІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. ШолгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хІума хІорда чу а кхоьссина, хІордийн кхоалгІа дакъа цІий хилла дІахІоьттира.
Выбор основного перевода