Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь ЯхІуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гІалахь а, деших ша динчу эсашна сагІанаш а дохуш. Бетал-гІалахь ша динчу сагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх деш динан дай дІахІиттийра цо. ЯрбаІам-паччахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь дийнаташ дагоран сагІа даккха воллучу хенахь, Везачу Элан омрица ЯхІуд-махкара цхьа Делан стаг Бетал-гІала веара. ХІара дешнаш ТакхоІарчу жаІуйх цхьаъ волчу Іамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хІоьттича, хезнера. Иза, яхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус а, исраилхойн паччахьо, ЯхІуашан кІанта, ЯрбаІама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара. «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш.
Выбор основного перевода