Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Шеран борхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь ЯхІуд-махкахь даздеш хиллачу кепара деза де билгалдаьккхира цо. Оцу дезачу дийнахь сагІа доккхучу кхерчана тІехь сагІанаш дохура цо. Изза дира цо Бетал-гІалахь а, деших ша динчу эсашна сагІанаш а дохуш. Бетал-гІалахь ша динчу сагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх деш динан дай дІахІиттийра цо. Ахьаба, шена Эли-ЯхІу гича, цуьнга хаьттира: «Хьо вуй и – Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург?» ЯхІудхойн паччахь волчу Юашан кІанта Амци-ЯхІус паччахьалла до пхийтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЮшаІан кІант ЯрбаІам. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. Ярми-ЯхІус Везачу Эло шега дІаала аьлларг дерриге а халкъе дІаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза! ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла. Иза шайна дІахезча, яхІудхойн тхьамданаш, паччахьан цІа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цІа долчу баьхкира. Везачу Элан цІийнан керта тІе вогІучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дІалецира цара. ТІаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХІокху стагана вен кхел ян догІуш ду, хІунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гІалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!» ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхІуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хІинца кхуза а кхаьчна».
Выбор основного перевода