Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
ЦІазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгІачу арданго чекхдоккхура. «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тІе. ЦІазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу. Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Везачу Эло кхел ян цІе кхоьллира. Оцу цІеро лаьттана бухахь болу боккха хІорд а бакъийра, ткъа кхаш дІа а кхаьллира. Цо, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: Веза Эла пенна уллохь лаьтташ вара, ткъа Цуьнан карахь санисбийриг яра. Сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна: лаьтташ стоьмаш чохь болу тускар дара. Цигахь цІеро хІаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦІазо ялта дІакхалларе терра, хьо а йиъна дІайоккхур ю! Къона а, доккха а цІоз санна, дебаш хила!
Выбор основного перевода