Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Іаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гІаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гІаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гІаланашкахь даха охьахевшира. Церан кхайкхамашка ладоьгІнарш Ярушалайман урамашкахь дІасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хІаллак а бина. Уьш дІабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кІентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догІу таІзар Аса дийр ду царна. Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дІавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхІу. Хьо кху шарахь лийр ву, хІунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цІарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхІун кІантах Ахьабах а, МаІсей-ЯхІун кІантах ЦІадукъ-ЯхІух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дІалур бу, ткъа цо уьш шун бІаьргашна хьалха хІаллакбийр бу. «Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. Цул тІаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хІумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цІера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дІалаьхкича». Лаьмнийн баххьашкахь сагІанаш доху цара, баьрзнаш тІехь хаза хьожа йогІу хІума а ягош, ножан а, акхтарган а, попан а дитташна кІел, оцу диттийн хаза ІиндагІ хуьлу дела. И бахьана долуш шун йоІарша а кхахьпалла леладо, ткъа шун несарий а нахаца лела. Аса шун йоІаршна таІзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таІзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХІунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дІа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагІанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“» Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю.
Выбор основного перевода