Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9
Параллельные места
Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. ЯхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІус а, ЯхІудан халкъо а вийрий Мика-ЯхІу? Хьузакх-ЯхІу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“». ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу.
Выбор основного перевода