Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. Дала, Шен лааме хьаьжжина, луьра таІзар дойла сан мостагІашна, кханалера Іуьйре тІекхачале, аса Набалан цІентІера цхьа а боьрша стаг дийна витахь». Иштта боху Везачу Эло: „ХІинца Аса хала баланаш тІебохкуьйтур бу хьуна, хьан тІаьхьенах волу массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллак а вийр ву. Уьш Шамран-гІала дІакхаьчча, ЯхІус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хІаллаквира. Цо уьш, тІаьхье а ца юьтуш, хІаллакбина дІабехира. Везачу Эло Эли-ЯхІугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а. Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Іазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гІо дан.
Выбор основного перевода