Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьІахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьІахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Аса уьш мичча а дІалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Іожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода