Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа хІара хилира. ИзраІалхочун Набутин ИзраІал-гІалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гІаларчу Ахьаб-паччахьан цІенна уллохь яра. Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хІунда аьлча и беш паччахьан сан цІенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гІоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богІуш болу мах лур бу аса хьуна». Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тІаьхьалонах дерг хьуна дІадаларх!» ИзраІалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тІаьхьалонах дерг аларна, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дІа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хІума а ца йоура. Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хІунда ца йоу ахьа?» Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраІалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, – аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира». ТІаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гІаттий, хьайн яа хІума а яа, синна паргІат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израІалхочун Набутин кемсийн беш». ТІе тІулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гІаттий, хьайна йохка ца лиъначу израІалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хІунда аьлча Набути велла». Набути вийна аьлла шена хезча, Ахьаб хьалагІаьттира, израІалхочун Набутин кемсийн беша а вахана, иза шен дола яккхархьама. ТІаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхІуга: «Хьала а гІаттий, Шамран-гІаларчу исраилхойн паччахьна Ахьабана дуьхьалваха новкъавала. Иза хІинца Набутин кемсийн бешахь ву. И беш шен дола яккха веана иза цига. Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“». „Билггал Набутин а, цуьнан кІентийн а цІий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тІехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тІехь охьакхосса иза». Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхІуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цІа хІаллакдан къобалвинчу Нимшайн кІантана ЯхІуна дуьхьалвелира.
Выбор основного перевода