Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан гІудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гІалахь паччахьан цІенна тІехь хьаькам волчу Арцин цІахь маларо вахийна Іаш вара Эли. Оццу хенахь, цу цІа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхІалгІа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хІоьттира. Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаІшин дерриг а цІа хІаллакдира. БаІшин цІийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагІашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. Иштта, Везачу Эло БаІшех лаьцна ЯхІу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаІшин цІа хІаллакдинера. И дерриг а хилира БаІша-паччахьо а, цуьнан кІанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. Эли-паччахьан кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гІалахь ворхІ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пІелаштамхойн Габитун-гІалина го бинчу хенахь. Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тІеман хьаькам волу Іумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дІахІоттийра. Іумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гІалара дІа а дахана, Тирца-гІалина го бира. Шена гІала дІалаьцнийла хиъча, паччахьан цІийнан чІагІйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тІаьхьа паччахьан цІийнах цІе а тесна, велира. Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. Зимарин кхидолчу хІуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.
Выбор основного перевода