Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта Изабалах лаьцна Везачу Эло боху: „ЖІаьлеша юур ю Изабал ИзраІал-гІалин пенна уллохь. Нах иза дІайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьІахкаш йоцург, хІумма а ца карийра царна. Юха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхІус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхІугахула Цо аьлла долу: „ИзраІалхойн аренгахь Изабалан дилха жІаьлеша дуур ду.
Выбор основного перевода