Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
‘Хьо Везачу Эло ЯхІу-ЯдаІана метта динан да вина дІахІоттийра, хьоьга Везачу Элан цІийнан керта тІехь куьйгалла дайта а, иштта хІора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гІомат йолла еза. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела. Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?» ПахІалан къамел чекхдалале Виситас чІоггІа элира: «ПахІал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»
Выбор основного перевода