Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тІе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догІий те?“» ЯхІус жоп делира: «Хьуна хІун ду иза? Суна тІаьхьахІотта хьо». Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус.
Выбор основного перевода