Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іумарин кІант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. НабатІан кІанта ЯрбаІама летийна долу къинош ша летадар шена кІезиг хеташ санна, цІаданхойн паччахь волчу Эти-БаІалан йоІ Изабал а ялийра Ахьаба шена, БаІал-цІунна Іамал ян а, Іибадат дан а волавелира иза. Шамран-гІалахь, БаІал-харцделан цІа чохь, оцу цІунна лерина сагІа доккху кхерч хІоттийра Ахьаба. Иштта, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттийра Ахьаба. Шел хьалха хиллачу исраилхойн массо паччахьел а тІехвелира иза Исраилан халкъан Веза Дела оьгІазвохуьйту гІуллакхаш дарна тІехь. ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». ЯхІушапти, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гІалахь, дІавоьллира. ЯхІушаптин метта паччахь хилира цуьнан кІант ЯхІурам. Ткъа шуна дуьхьалдаккха иштта хІума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цІе йолчу зудчунна дан магош доцу гІуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хІуманаш а леладойтуш, цІушна сагІина еана хІума а йоуьйтуш.
Выбор основного перевода