Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа хІара хилира. ИзраІалхочун Набутин ИзраІал-гІалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гІаларчу Ахьаб-паччахьан цІенна уллохь яра. Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“». Ахьабан цІийнах верг гІалахь велча, иза а жІаьлеша вуур ву. Ткъа аренгахь веллачунна стигалан олхазарша зІакарш еттар ю“». (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара. Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дІабаьхна болчу эмархоша, цІушна Іамал а еш, лелийна хилла доллу гІуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.) Оцу массо а дешнашка ла а доьгІна, Ахьаба шена тІера бедарш этІийра. Цо шена тІе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дІа а вуьжуш, чІогІа сингаттаме вара. ТІаккха Везачу Элан дош кхечира тишабхо волчу Эли-ЯхІуга: «Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш».
Выбор основного перевода