Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара Ахьабан кІантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тІом бан вахара Ахьаз-ЯхІу. Иза ГалІадера Рамат-гІалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. Йорам-паччахь тІамера юхавирзира, Рамат-гІалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тІом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраІал-гІалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхІудхойн паччахь волу ЯхІураман кІант Ахьаз-ЯхІу а веанера ИзраІал-гІала, цомгуш волу Ахьабан кІант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама. ЭлишаІа ГІайхьазига иштта элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, сан Іаса схьа а эций, дІаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дІакхаьчча, хІара Іаса оцу кІентан юьхь тІе йилла».
Выбор основного перевода