Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эццахь пирІунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дІалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хІума шайна дІахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира. ТІаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІу-пайхамаре: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам: Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода