Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хІинца Аса бохам тІебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхІудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегІах зуз даллал цец а воккхуш. Айса Шамран-гІалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цІенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гІалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цІан а йина, Іункар хІоттош йолу пхьегІа санна, цІанйийр ю Аса Ярушалайм. Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагІийн кара дІа а лур бу. ХІонс санна хир ду и адамаш церан мостагІашна. Везачу Эло элира: «Ас ЯхІудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хІара Сан цІа а, Ас шех лаьцна: „Сан цІе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дІатоттур ду Ас Сайна хьалхара». Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хІокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хІаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу. Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тІе гІоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дІагІо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кІелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».
Выбор основного перевода