Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу тайпана деших массо а хІума а яйтинера Сулим-паччахьо Везачу Элан цІенна. Уьш яра: хаза хьожа йоуьйту хІума яго дашо кхерч, Далла лерина бепиг тІедуьллуш йолу дашо стол; цІеначу деших боьттина болу стогарш (пхиъ аьтту агІор, важа пхиъ оцу уггар езачу чухуларчу чоьнна аьрру агІор хІиттийна йолу), зезагийн суьрташ, чІурам хІотторгаш, морзахаш, бошхепаш, тукарш, боганаш, хаза хьожа йогІу хІума чу юьллуш долу кедаш, богуш болу кІора дІасабахьа нойш цІеначу деших дина еш; уггар езачу чоьнан чуьра неІарийн а, Делан цІийнан вукху неІарийн а кІажаш, деших дина долу. „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цара иштта дІадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо, царна чуйогІура богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудутту боганаш а. Везачу Элан цІа чуьра пхьегІийн цхьа дакъа цо Бавел-гІала дІадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цІа чу охьаехкира уьш. Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу. „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац, – боху Везачу Эло. – Кху гІалин массо а бахам церан мостагІийн кара дІалур бу Аса. Къахьегарца гІалин халкъо мел гулдинарг а, гІалин массо а еза хІуманаш а, яхІудхойн паччахьийн хазна а мостагІийн кара дІалур ю Аса. Цара и массо а хІума хІонс санна Бавеле дІахьур ю. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. ЧагІаро вахийначу Белшацара шен дас, Набухди-Нецара, Ярушалаймера Делан цІийнан чуьра араяьхна еана йолу дашо а, дато а пхьегІаш чуяр тІедиллира, царна чуьра шега а, шен уллорчу куьйгалхошка а, шен зударшка а, шен гІарбашашка а маларш мийлийтархьама. ТІаккха Ярушалаймера Делан цІийнера еана йолу и дашо пхьегІаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гІарбашаша а царна чуьра маларш мийлира.
Выбор основного перевода