Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІун ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-гІалара Ярми-ЯхІун йоІ яра. ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо а, шен дас ЯхІу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Делахь а Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. ЯхІу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхІу-Ахьазан ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхІун йоІ яра.
Выбор основного перевода