Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхІу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дІабигинчул тІаьхьа. ЯхІудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тІемалошна а, кхечу нахана а дІахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу мехкан куьйгалхо хІоттийна аьлла. Бавеле дІа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тІехь цо Іуналла дан деза бохуш, хезира царна. ХІоккхул адам шен цІера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхІалгІачу шарахь ЯхІуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо.
Выбор основного перевода