Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тІе вогІур варий со иза хІаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гІой, хІокху махкана тІе а латий, иза хІаллакбе’“». «ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хІуманаш бахьана долуш, Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтинера. ХІинца а ЯхІудан халкъана оьгІазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла.
Выбор основного перевода