Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. ТІаккха Наху-пирІуно Юши-ЯхІу-паччахьан Элъякъим цІе йолу кхин кІант хІоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирІуно Элъякъиман цІе хийцира, цунах ЯхІу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхІу-Ахьаз пирІуно Мисар-махка дІавигира, иза цигахь дІа а кхелхира. Юши-ЯхІун кІентий хІорш бара: дуьххьарлера кІант – Йохьан, шолгІаниг – ЯхІу-Якхам, кхозлагІниг – ЦІадукъ-ЯхІу, ткъа воьалгІаниг – Шалум. ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхІу-Якхаман кІентан ЯхІу-Яхинан метта, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу охьахаийра.
Выбор основного перевода