Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахьо ЯхІу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхІитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дІахІоьттинчу шеран шуьйтталгІачу беттан ткъе ворхІалгІачу дийнахь. Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхІу-Яхин дІа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цІа чуьра еза пхьегІаш а яхьаш, иза Бавел-гІала дІавалаве аьлла, омра а дина. ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра цо ЯхІу-Яхин гергара волу ЦІадукъ-ЯхІу. Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) ЯхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь Везачу Элера ЯхІудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхІуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дІахІоьттина хьалхара шо дара.) Ярушалаймера Ярми-ЯхІу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дІабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхІу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дІабигинчул тІаьхьа. ХІоккхул адам шен цІера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхІалгІачу шарахь ЯхІуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. «Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хІуманаш хІун маьІна долуш ду хаьий шуна?“ – алий. ТІаккха дІаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу – Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дІабигира паччахь а, цуьнан элий а.
Выбор основного перевода