Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тІе а летта, иза схьа а лаьцна, цІастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гІала дІавигархьама. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ Хьо, вир дІа-ма-йоллара, дІавуллур ву, хьан дакъа, Ярушалайман кевнал ара а даьккхина, охьакхуссур ду». Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхІу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Даудан тІаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.
Выбор основного перевода