Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. Шеца цІий долу жижиг ма даа. Пал а ма тийса, бозбунчалла а ма леладе. Беллачийн синош тІедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тІе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Цара шайн бераш цІерах чекхдохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура. Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цара, Иза оьгІаз а вохуьйтуш. Юши-ЯхІу-паччахьо хІаллакбира ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тІедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цІахь болу цІуш а, кхиболу цІуш а, массо а кхидолу дегаза хІуманаш а. Юши-ЯхІу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цІа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхІуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тІера тІедехкинарш кхочушдархьама.
Выбор основного перевода