Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тІеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тІе. Цара, иза дІа а лаьцна, мерІуьргех чІуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дІавигира. Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. Маннаша Везачу Эле доІа дича, Цо, дІа а хезна, Маннашан доІа тІеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дІахІоттийра. ТІаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх. Цул тІаьхьа Маннаша Даудан гІалин арахула болу пен юхаметтахІоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Іинан тІехула ЧІерийн ков олучу меттехула а, Іупал-гІалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахІоттийра цо гІалин пен. ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу массо а гІаланашкахь тІеман коьрта хьаькамаш дІахІиттийра цо. Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цІа чу дІахІоттийна цІу а дІаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цІа тІехь лаьттачу ломахь а ша дІахІиттийна сагІа доху кхерчаш дохийна, гІалин арахьа дІакхиссира цо. Везачу Элана лерина сагІа доккху кхерч ша хиллачу метте дІа а хІоттийна, цу тІехь бертан а, баркаллин а сагІанаш дехира Маннаша. ЯхІудхошна цо тІедиллира, Исраилан Везачу Далла Іамал е аьлла. Халкъо кхидІа а сагІа доккхучу гунаш тІехь сагІанаш даьхнехь а, и сагІанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара. Маннашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доІанах а, Исраилан Везачу Делан цІарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Маннаша динчу доІанах а, Далла иза дІахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагІа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахІиттадарх а, цо бинчу цІуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тІехь.
Выбор основного перевода