Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дІабаьхна болчу эмархоша, цІушна Іамал а еш, лелийна хилла доллу гІуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.) Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хІуманаш бахьана долуш, Веза Эла чІогІа оьгІазвахийтинера. ХІинца а ЯхІудан халкъана оьгІазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхІудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гІуллакхаш дарна а, иштта цо бехк боцу дукха адам хІаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гІала цу нехан цІийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода