Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха чухулара керт дІахІоттийра. Иза хьаькхначу тІулгийн кхаа могІанах а, баганан диттийн ханнех бинчу цхьана могІанах а йинера. Хьаькхна нисдинчу тІулгех кхо могІа а, баганан дечигах бина цхьа могІа а биллина, керт йинера йоккхачу кертана гонах. Иштта Везачу Элан цІийнан чухула йолчу кертана а, учена а гонах яра цу тайпана йолу керт. Яханчу заманахь яхІудхойн паччахьаша Ахьазан цІенойн тІехула долчу цІийнан тхов тІе тІулгех сагІа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь сагІа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриге сагІа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогІи чу кхиссийтира.
Выбор основного перевода