3
Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора.