Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маннаш, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Иза шен паччахьан цІахь дІавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дІахІоьттира цуьнан кІант Амин. Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дІахІиттийначу цІушна сагІанаш а дохура, Іамал а йора Амина. Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо. Іамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цІахь иза вийра. Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хІаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кІант Юши-ЯхІу, паччахь а вина, дІахІоттийра. Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да,
Выбор основного перевода